Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Нохчийн Парламентан, Нохчийн къоме болу кхайкхам - 19.11.2007

CHECHENPRESS, Отдел официальной информации, 19.11.2007.

 

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

Лераме Нохчийн къам!

Тхо тахна декхаре ду, Хьоьца дагадовла, Хьоьга ладог1а, Ахь тхайга бохург, тхуна х1инцачул т1аьхьа т1едуьллург а кхочуш дан.

Жимма хьалха, Хьоьга ишта дист цахуьлуш тхо хьедаларна цхьа бахьана дара, вайн паччхьалкхан 1едалехь бан г1ертош хиллачу карчамах лаьцна мел дерг талла а, дуста а тхуна хан эшна хилар.

Ткъа х1инца, ша ма-дарра и зулам тхуна схьагучадели. Х1окху иттех шарахь тхьоьца а, вайн президент хиллачу Аслан Масхадовца а (Дала г1азот къобал дойла цуьнан) къийсина долу и 1едал, х1инца иза шайна цаоьшучу хенахь, цхьана наха тхуна охьакхоьсси. Иза дикка, кега а дина, галдаккха а г1иртина, шайн цунах хуьлург а дина, цунаха дуьззина долу жоьпалла х1инца тхуна т1едожо дагахь.

Оха цу 1едалан дукъ тхайна т1еоьцу, цуьнан бакъ долу верасаш тхо долу дела. Иза ишта цадича тхо довла а цадовлу.

Тахана тхайна цхьацца аьттонаш, парг1атонаш лоьхуш, д1аса довла бакъонаш яц тхан, Хьо, Нохчийн къам, юха а, кхин цкъа а, х1окху дуьненан йоккхачу, ц1арматан политикана оцу наха закъалтана дилла г1ертачу х1окху чолхечу муьрехь.

Цундела тахана Нохчийн паччхьалкхан хьокъехь дуккха а сацамаш бу тхан т1елаца безаш, шайн чулацамашца Далла хьалха а, т1аккха Хьуна, Нохчийн къомана хьалха а, тхо жоьпале деш а болу. Шайн кхачо, я эшам, кхана, лама т1ейог1учу т1аьхьенашна а, цхьа зеделларг долуш, гуча бовла а безаш.

Цундела оха, дехар до, цхьайолчу тобанашка, кхинболчу политикашка, т1еман турпалхошка, 1эламнахе, тхуна шаьш х1инццалца йина а, х1инца а еш йолу 1иттарш, кхиссарш, цхьацца дог1уш доцу вайн юккъара барт иэг1ош долу хьаштдоцу хьехарш а цадеш, цхьажимма собаре хилахьара шу аьлла.

Тхо шуьца массаьрца а дага довла лерина а ду, х1инцале а дагадовлуш а ду. Вайна галдаьлла аьлла мел хеташ дерг, низамца д1анисдеш чекхдаккха болх беш а ду.
Цундела х1оккху муьрехь, къаьстина ч1ог1а Нохчийн паччхьалкхан низмане хилахьара шу, тхоьга шаьш олучунна т1ехь а, т1аккха шайна юккъехь тардала а хьовсахьара шу, нагахь цхьацца цакхетамаш белахь, уьш дуьне цакхардош, вайн мостаг1ий цабелош, 1ора ма-бахахьара аша. Карарчу хенахь и санна долу х1уманаш лехьочохь а, дуьйцучохь а дац вай.

Тахана вайн къам ду, шена т1елеттачу мостаг1чо, ц1ийнаха, ц1араха, махкаха а даьккхина, х1ара дуьне мел ду даржийна лелаш. Цу къоман шоллаг1а дакъа, вайн ц1ахь мостаг1чуьнан къизалла, 1азап узуш ду, цу мостаг1чо заь1ап даьккхина, тутмакх дина, шех доккха цхьа дакъа, уггаре а бехк боцурш – бераш, зударий, къаной байина. Шен уггаре а тоьлла къонахий г1азотехь декъала хилла (Дала къобал дойла церан г1азот). Ткъа вайн махкана цу мостаг1чо дина инзаре даккхий зенаш дийцарх йист йоцуш ду.

Х1инца леррина дистхила лаьара вайн 1эламнахе. Оха, цаьрга боху, х1ай 1илма долу нах, Дала цу 1илмаца шайна совг1ат дина болу нах, шаьш кхоьллиначу Дела дуьхьа, довлахьара шу, вайн къомана масла1атна юккъе.

И къам тахана декъалуш хилар, уггаре а коьрта бахьана, шу, шаьш дехьа, сехьа декъадалар ду шуна. Шуна хаа ма деза, барт боцучохь, 1есалла гуча йолуш хилар, барт боцучохь декъазалла хир юйла.

Тахана вайн мехкан тезетан кадаман дай а хилла латта дезаш дара шу, и къам Деле доьхучохь цу къоман до1анийн верасаш а хилла, латта а дезара шу.

Нагахь дин т1ехь шу шаьш а декъаделла, цу т1оьхула Нохчийн къомана юккъехь цхьа къийсам баьлла зулам далахь, уггаре а хьалха, Далла хьалха жоп дала дезарш шу хир ду шуна, цу къоман х1ора 1аьнначу ц1ийнан, б1аьрхийн т1адамна т1ера. Совцабе вайна юкъехь и зулам даржадан г1ертарш а, цхьа а тайпа, беш къастамаш а боцуш, шайна луъучунна мунепикъалла д1акхайкхош болу и нах а. Я нагахь шайн ишта г1уллакх хуьлуш дацахь, шайн сацамца, и мунепикъаш, х1ара а, х1ара а ву олуш билгал а бохуш д1акхайкхабе, цхьа а бехк а боцурш цу нахе хьийза цабайта. Довла вайн къомана цу т1ехь орцаха.

Амма тахана шу 1адда 1ахь, мерза дууш, к1еда дуьйшуш, х1окху дуьненан хазнеха 1еха а делла, вайн Делора, кхана х1уттур долучу къематдийнахь и нохчийн къам т1екхойкхур ма ду шуна, шу Далла хьалха юьхь1аьржа а х1иттадеш.

Ткъа Хьоьга, Нохчийн къам, тхан доккха дехар ду. Хьо кхоьллинчу Аллах1 дуьхьа дала тхуна къинт1ера, тхоьгара хьайна мел хиллачу цатамна а, тхоьгахь Хьайна бу аьлла хетачу мел болчу кхачам бацаршна а.

Тхо хьан векалаш ду, Ахь биначу харжамо билгала а даьхна, Ахь деллачу аманааташца а х1окху даржашкахь нисделла а долуш. И аманааташ, Хьоьга, шен хан т1е ма кхаьчнехь, юха дерзо а дезаш.

Везачу Далла 1алаш дойла Нохчийн къам!

АЛЛАХ1У АКБАР.

Нохчийн паччхьалкхан Парламент.