Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Европера дуккха а тIемалой бу Шемахь Асадана дуьхьал тIом беш

syrian

ЛадогIа: http://www.radiomarsho.com/audio/audio/988347.html

 

Цхьана агIор, Шемин куьйгалхочунна Башар Асадана дуьхьал ю Малхбузенера пачхьалкъаш. Вукху агIор амма, шайн бахархой Асадна дуьхьал тIом бечу тобанех дIа а бетталуш, цигарчу гIаттамехь дакъалацар чIогIа ца деза царна.

Европера Шема кхача данне а хала дац. Ши шо хьалха дуьйна массо а аьлча санна яккхийчу Европерачу авиакампанеша шайн Демашке а, кхечу Шемин гIаланашка а йолу рейсаш сацийнехь а, амма цига кхача луучун хIинца а таро ю, паргIат луларчу Ливанан коьртачу гIала Бейруте я Урдун коьртачу шахьаре Аммане доьдучу кеманна тIе хаа. 

Хьалхарниг, олуш ма-хиллара, гIаж кхоссала бен гена яц Шемин дозанна а, - 8I чакхарма, ткъа шозлагIниг а шина-кхаа сохьтехь дIакхочур волуш ю – ши бIе чакхармехь Iуьллуш йолу.

600 евронах догIу и тайпа билет – цхьана агIор воьдург, ткъа цига а, юха а вогIург кхин а дорах догIу, - 400 евронах. Бакъду, Шема тIом бан Iалашонца оьхучу Европерачу кегийчу нехан даима а ца хуьлу цигара дийна юхаберза ирс. 
 
Масех бутт а бу Европера Iедал тобанашкахь Шема тIаме оьхучу меттигерачу бахархойн гIайгIа айъина лелаш долу. Дукха хан йоцуш немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Фридриха довзийтинчу терахьашца, цигахь мел кIезга а, 500 герга европахо ву, Асадна дуьхьал тIом бечу джихадхойн могIаршлахь леташ. Уьш Iарбойн орамаш долу нах  хилла а ца Iа.

Дийна цхьа бусулба интернационал ю иза, шайна юккъехь им диллина болу немцой а, австрихой а, данихой а, оьрсий а, ткъа иштта нохчий, а суьйлий а, гIебартой а, чергахой а болущ.
 
Тоххарехь дуккхаъ кхелхинарг а бу цига баханчарех. Иштта, масала, хьастагIа Австрин Конституци ларъяран а, террорхошца къийсам латторан а министраллин куьйгалхочуо Гридлинг Петера дIахьедар дира, еккъа цхьана Австрера Шема тIом бан а вахана, цигахь вийнарг, мел кIезга а, 20 стаг ву, аьлла. Халахеташ делахь а, масех нохчо а ву цу кхелхинчарна юккъехь.
 
Австрера Шема а бахна, цигахь кхелхинчеран цIераш церан гергарчара хазнехасанна ларйо, иза гучудаьлча, Iедалера шайна кхерам хир буйла хууш. Изза хьал ду кхечу Европерчу пачхьалкхашкарчу нохчашца а. ХIинцалца схьа Шемахь байъинчу вайнахах шуьйрачу юкъараллийна евзаш цхьа цIе ю – Мазаев Мурад.

Изаъ, схьахетарехь, и кIант нохчашлахь шуьйра вевзаш волу кинорежиссер хилар бахьана олуш гIар даьллачух тера ду. ШозлагIа тIом болабеллачу Гуьржехахь „Маршо“ цIе йолу нохчийн тIамах лаьцна фильм яккхарца гIарваьлла хилла волу Мурад тIаьхарчу шерашкахь Швецехь вехаш вара.

Цуьнан доттагIаша а, бовза-безачараа  чIагIдарехь, иза тIамах лаьцна документалан фильм яккха вахана хиллера Шема. Амма кхин цхьа верси а ю Мазаев Шемахь нисваларан, къаьстина интернет-машанехь вайнахалахь яьржина йолу, - иза цига тIамехь дакъа лаца вахнера бохуш, иза вуьйчу хенахь цунна тIехь тIеман духар хиларца тоьшаллаш а дахкош.

Мухха делахь а, Музаев Мурад кхалхар цуьнан доьзална, гергарчарна а бохам хилла ца Iаш, доллучу нохчийн къомана а эшам бу, хIунда аьлча, и санна болу похIме нах юккъера дIабовлар иштта а тIемаш чахчийначу нохчийн исбаьхьаллийна доккха Далатохар ду. 
 
Амма исбаьхьаллин белхахо кхалхар хилла а ца Iа. Шина къизачу тIамехь шен деалгIа дакъа дIаделлачу къомана цхьаъ бен вацахь а кхиина жима стаг юккъера дIакхалхар зе ду. Иштта аьлла хеташ ву Австрерачу нохчийн диаспорин векал Ибрагимов Висита а.

Цуо дийцарехь, Европера нохчийн кегий нах Шемарчу тIаме эхар даима а меттигерачу нохчашлахь дийцаре деш делахь а, амма цхьа а хIара бу аьлла цу нахаца кхетош-кхиран болх беш цхьа а вац.
 
Ибрагимов Висита: „Стеган нигате хьаьжжина кхел йо бохуш дуьйцу Iеламнаха Дала цуо лелочунна. Делахь а, и вайн кегий нах Шема эхар вайна оьшу я ца оьшу бохучу хаттаре диллича, ас вайна оьшуш хIума дац боху иза.

Вайн кхамо боккха мах дIа а белла, дуккхаъ кегийнарш а, баккхийнарш а, - цхьаболчара 250 эзар олу, вукхара 300 эзар, - оццал адам, къоман доккха дакъа дIа а даьлла, арадевлла лелаш нах ма дуй вай. Тахана вайна коьртаниг Iилманех пайда эцара дара. 

ХIунда аьлча, кхана вай вешан пачхьалкъе кхоллахь а, вайн тахана цуьнан урхалле кечбина нах ца хилча, вайна цунах пайда хир бац. Ткъа тахана вай эзаршкахь набахтешкахьий, бIеннашкахь Шемехь тIамехьий, иттанашкахь университеташкахьий хилча, иза вайн къомана пайде дац. Цу Шемахь вайн хьашт долуш хIума дац, нохчийн къоман цхьа а интерес яц-кх цигахь “.
 
Билгал мас стаг ву Шемахь нохчех цхьанна а хууш дац боху Виситас. Цигахь-м нохчий хилла а ца Iа, меттигера автрихой а, немцой а ур-атталла бу, бусулба Iелам-наха Шемарниг хIора а стагана декхар хуьлуш джолу фардал-Iайн ду аьлла масех бутт хьалха сацам тIежцар бахьана долуш цига баха некъ маьрша баьлла болу.

Амма къаьстина нохсийн кегирхлой доллучу дуьненна а шайн доьналийца а, тIах-аьлла хиларца бевзаш хиарна, царна цу тIаме бахар марза дан а, уш цига бига а атта нисло, боху цуо.
 
Ибрагимов Висита: „Кегийчеран дола ца дарий баккхийчара, цаьрца кхетам-кхиоран болх ца барий баккхийчеран бехк бу. Хьалха Советийн заманазхь хилла йолу идеологи дIаяьлла, ткъа карарчу хенахь  цхьа а тайпа къоначу чкъураца беш керлачу, къоман идеологин болх бац. ТIаккха бусулба динна тIехь цхьаццаболчара шайна хет-хеттау агIор иза дийца а дуьйцуш, цу кегирхошца беш белхаш бу. Къаьстина нохчийн кегийн нах доьналла долуш а хиларна, уьш тIах-аьлла а хиларна, царна и шайн идеологи марзаян атта хуьлу цу нахана“.
 
 Ала догIу, Европера хилла а ца Iа Шемарчу тIеман йилбазмохьо бигнарш, дукха бу иштта Нохчийчура , йоллучу Къилбаседа Кавказера а тIемлой, цигарчу тIеман тобанийн могIаршка дIахIиттина. Нохчийчуьра кхочучу костанашца, цигахь тIаьхьарчу хенахь Туркойн махка а, кхечанахь дозанал арахь а садоIа боьлхуш болчу нахалахь кегийчу нахана талламаш а, хеттамаш а бан доладелла меттигера Iедал, уьш Шема баха новкъа бевлла-м бац техьа бохург толлуш.
 
Нагахь санна, цигарчу Iедалша шаьш Оьрсийчоьнан агIо, ткъа и бохург ду Асадана агIо, ларъеш хиларна и хIума леладахь, Европера Iедалхой, мелхо а, Асад вожон гIерташ ду. Амма я Асад вожон гIертачарна а, я цуьнан агIончашна а ца оьшу Шемарчу тIемлойн могIаршлахь я нохчий а, я европахой а.

 

radiomarsho.com